НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ

26.04.2024

Оханан беттан 25-чу дийнахь Нохчийн Республикехь даздеш ду дезачех долу де - НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ. Цу денна лерина МБОУ "СОШ С.П. БРАТСКОЕ" д1адаьхьира самукъане, хьехаме, шех бала дуккхо а пайда болу цхьаьнакхетар. " Ненан Мотт-Дахаран Хазна“ц1е йолу мероприяти кечйинера Хачмурзаева Хьавас,Гарсаева Миланас,Мециева Азас.

Оцу д1айаьхьинчу мероприятино дешархойн нохчийн матте болу безам, ларам алсамбаьккхира, сих хьакхалучу аг1ор, дагахь дуьсур долчу дешнашца хестийра цара шайн ненан матте болу безам, лерам. Ч1аг1йелира дешархойн дегнашкахь нохчийн меттан г1ароллехь латта кхоллайелла ойла.